2023 шо нохчийн меттан Шо! Вайн дахаран къилба

25.04.2023

Пхийтта шо хьалха,  2007-чу шеран х1утосург (май)  беттан  11-чу дийнахь  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун омраца вайн махкахь даздан долийна нохчийн меттан Де – 25-г1а апрель. Оцу денна лерина дукха мехала г1уллакхаш дора организацешкахь, учрежденешкахь. Пачхьалкхан белхахойх цхьа а ца вуьсура ала мегар ду цу Денна тидам ца беш. Амма и цхьа де д1адаьлча, мел халахеташ делахь а, нохчийн маттаца доьзнарг юханехьа «доккхачу т1орказ чу» д1адуьллура, т1едог1учу  шеран 25-г1а апрель  т1екхаччалц.

Х1инца хаза кхаъ хили вайна 2022-г1а шо чекхдолуш: 2023-г1а шо нохчийн меттан Шо ду аьлла д1акхайкхийна вайн республикехь. Дийнна шарахь, мало ца йеш, вешан ненан меттан дуьхьа къахьега йиш хир йу  вайн. Пачхьалкхан т1ег1ан т1ехь кхоьллина Оргкомитет. Карара  кхолламан бутт  (январь)  чекхболуш Оргкомитето билгалдаккха дезар ду нохчийн меттан Шарна республикехь дан лерина г1уллакхаш.Суна уггар хьалха ала лууш дерг цхьа х1ума ду: оцу вайн ненан маттана  мискъалан зараттал гена доцуш, и санна мехала ду вайн къоман г1иллакх. Нохчийн мотт бийцарх ца тоьа, цу маттаца доьзна мел дерг лелон деза вай. Шарбеш, тобеш, нийса буьйцуш болу мотт санна, г1иллакхца мел доьзнарг а ду вай тидаме эца дезаш. Цунна т1едоьг1на цхьа масал дало лаьа суна.  Тхан цхьа гергара стаг ши-кхо к1ира хьалха больнице кхаьчнера, давлений, ц1ийца долу шекаррий (сахар) ч1ог1а хьаладалар бахьанехь. Тилпонехула тхо дистхилча, цунна ца хаьара шен ц1ийца долу шекар лахделла йа хьаладаьлла. «И бохург х1ун ду, хьо цига охьавиллина масех де а ду, хийцам бу-бац ца аьлла хьоьга лоьро?», - аьлла, шега хаьттича, цо элира: «Хаац, лоьро 1уьйранна чуеъча, де дика дар бен кхин х1умма а ца олу. Бага хи эцча санна, йист а ца хуьлуш, давлени а йустий, арайолу палати чуьра. Цуьнга хеттарш дан бег1ийла а ца хета суна-м».  Ч1ог1а хаза доцуш х1ума ду оцу кепара лор хьовха, муьлхха а адам хилча а. 1уьйре дика а йина, буьйса муха йаьккхи ахьа, аьлла, хаттар а дина, ша дан дезарг динчул т1аьхьа, Дала маршалла дойла хьуна,аьлла, арайала йезара лор.Йа кхин масал далор вай. Хийла тидам бина аса шайна кегийрхоша некъ битича, баккхийчара шаьш ала дог1уш долу «Дела реза хуьлда хьуна хьайгара г1иллакх гайтарна» ца олуш т1ехбовлуш. Х1ун масал ду ишттачара гойтуш дерг? Автобуса т1ехь шайна охьахаа меттиг а бела, жимха хьалаг1аьттича,  цунна баркалла а ца олуш, и меттиг шайгара схьайаккхарна кхоьруш санна, сихлой охьаховшу цхьаберш. Дукха ду вайн  дахарехь г1иллакхца доьзна х1умнаш  – дан хала а доцуш, дича мела а хир болш, нохчийн оьздангаллица дог1уш а долш. Масала, машенахь вог1уш верг ша д1авоьрзуче д1акхаччалц  1а, чиркх а латийна, шена доьхьал вог1учу шоферна ша дийриг ца хоуьйтуш.  Ишттачара  новкъарло йо машенашна урхалла дечарна.Дала боккха къинхетам бина вайх, вай бусалба кхолларна а, вай нохчий хиларна а. Нохчийн мотт мел бу бен вай нохчий хир дац.  Дийнна шарахь, х1ора денна нохчийн меттан хьакъ мадду сий-ларам а, пусар а деш вай лелча а пайда бац къахьегарх, нагахь санна 1ер-дахарехь вай дика, нийса лелаш ца хилча.Ткъе итт шарахь гергга школехь дешархошна хьехна аса. Нагахь санна дешархочуьнгара дала ца дезарг даьллаьхь,  бехк гуттара а школана (хьехархочунна) буьллура х1етахь. Х1окху 2-3 шарчохь и бехк доьзална «д1абелла». И ч1ог1а нийса а ду. Когадахале дуьйна шена 1еминарг (1амийнарг) ду беро шеца берийн беша а, школе а дахьаш дерг. Дукхахболу къона зударий балхахь бац. Уьш шайн ц1ера г1уллакхаш а деш 1аш бу. Амма царна хан ца карайо шайн берашца къамел дан а, хьехар дан а, церан дагара хаан а, уьш кхетош-кхио. Уьш шаьш а боккхачу «балхахь» бу, «ватсап» чуьра арабовла ца туьгуш. Берашна хезаш берг мульфильма чуьра оьрсийн мотт бен бац. Царна и шар а ло, ч1ег1ардигаша санна, цара и бийца а буьйцу. 1одика йеш цара «до свидания» олу. Берийн бошмашкахь дезденна лерина байт оьрсийн маттахь йоьшу дукха хьолехь. Вовшашка а бераша оьрсийн мотт буьйцу. Денанас, ненананас  шайн берийн берашка оьрсийн маттахь бен къамел ца до.  Ирча хьал ду иза! Со оьрсийн маттана дуьхьала йац. Аса айса, дешархошна иза ледара хаарна а кхоьруш, дуккха а шерашкахь хьехна оьрсийн мотт. Суна лууш дерг цхьаъ ду: нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а вайн берашна цхьатерра дика хаар. Иштта шуна лаьа аьлла а хета суна. Нохчийн мотт коьрта къилба а долш дахар лойла вайна Аллах1-Дала! Дала аьтто бойла вайн массо а дикачу х1уман т1ехь!